Profile

Cover photo
Динул-Ислам
52 followers|51,825 views
AboutPostsCollectionsPhotosYouTube

Stream

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
Цхьаболчу Iеламнаха аьлла:

«Зуда йитар магийна дац (хьарам ду йа макрухI ду) нагахь санна и йита цхьаъа хьашт дацахь.

ТIаккха (цхьа билггал хьашт хилахь) цунах магийна дерг – хьашт кхочуш хирриг ду, ткъа иза – цкъа йитар ду. Цундела, цхьанаметта кхозза йитар (ас хьо йити кхозза алар, йа ас хьо кхозза йити алар) хьарам ду, хIунда аьлча иза хьашт долчул тIехва́лар долу дела, дозанал тIехвалар долу дела».

 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
Баххийн бух бу Iилма! Ткъа Iилманашна юкъахь уггар пайдениг - Элчанан (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) дахаре хьежар, цуьнан асхьабийн дахаре хьежар а ду: «Уьш бу АллахIа шаьш нисбинарш; церан нийсонца нислуо хьо..». (Сурат «Ал-АнIа́м», 90 айат)

«Ойланан гу́ра», Имам Ибнул-Джавзий
 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
ХIай хьекъале верг, кхетам болуш верг! ХIора хIуманна шен барам луо ахь, хуьлуш дерг деста а ма де ахь. Мелхо а, юккъера барамехь хила хьо, нийсо ларйе ахь, зуламах ларлуо хьо. Хетара-моьттаршна тIаьхьа ма гIуо хьо, бакъдоцучу моттадаларшка хьой Iеха ма вайта ахь.

"Са ма гатде" жайни юкъара.
 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
83. Цхьа бала болуш верг гинчо деш долу доIа.

"Алхьамду лиллáхIиллази́ Iáфáни́ миммабталáка бихI, ва фаддалани Iалá каси́рин мимман халакъа тафди́лан".

«Хастам бу АллахIана, хьуна беллачу баланах со маьрша витина волчу, Ша кхоьллинчу хIуманашна юкъахь дуккха а хIуманал со гIолий хилийтина волчу». 
 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
Iавфан кIанта Iабдуррахьма́на дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Цхьана дийнахь АллахIан Элча (Делера къинхетам, маршалла а хуьлда цунна) аравелира, тIаккха со цунна тIаьхьавахара. Хурман диттийн цхьана беша юкъавелира иза, тIаккха сужуде вахара иза. Вехха Iийра иза сужудехь, ткъа со кхеравелира, Дала са дIаэцна-те цуьнан аьлла. Со тIевахара цунна, хIун хилла хьажа, тIаккха цо сужудера шен корта хьала а айбина, элира: «ХIун хилла хьуна Iабдуррахьман?». Ас дийцира цунна тIаккха сайна дагадеана хилларг. Цо элира тIаккха: «Бакъдолуш, Делера салам хуьлда цунна Жабраила элира соьга: «Кхаъ баккха ас хьоьга?! Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа боху: «Хьуна цкъа салават диллинчунна Ас Сайгара салават кхачор ду. Хьуна (Соьгара) цкъа салам-маршалла кхачор дехначунна Ас Сайгара салам-маршалла кхачор ду». ТIаккха ас сужуд дира, баркалла олуш». Ахьмад, Хьа́ким.

Ибн Аби Дунйа́с а, Абу ЙаIла́с а дийцина иза иштта хIокху дешнашца: «АллахIан Элчанах (Делера къинхетам, маршалла а хуьлда цунна) къаьсташ воцуш, даим цуьнца хуьлура асхьабашна юкъара виъ йа пхиъ стаг дийнахь а, буса а, цунна оьшучунна цуьнан гIуллакхе хьожуш. Цкъа со и волчу веъча, иза аравелира, ткъа со цунна тIаьхьавахар. Цхьана нехан бешан керта велира иза, тIаккха ламаз дира цо, сужуд а дира цо. Сужудехь вахвелира иза. ТIаккха со вилхира, «АллахIа са дIаийци-кх цуьнан» элира ас. ТIаккха цо шен корта хьала а айбина, со схьакхайкхира. Цо элира соьга: «ХIун хилла хьуна?». Ас элира тIаккха: «ХIай АллахIан Элча! Сужудехь дукха вахвелира хьо, тIаккха, АллахIа Шен Элчанан са дIаийци-кх, кхин цкъа а гур вац-кх суна иза, элира ас (айса сайга)». ТIакккха цо элира соьга: «Сан Дала сан умматах лаьцна сайна довзийтинчунна Цунна баркалла олуш сужуд деш вара со. Сан умматера цхьамма суна цхьа салават диллича, АллахIа цунна яздийр ду итт дика, дIадойъур ду итт вон». Иштта аьлла ду Абу ЙаIла́с дийцинчахь, ткъа Ибн Аби Дунйа́с дийцинчахь хIара дешнаш ду: «Суна цкъа салават диллинчунна АллахIа Шегара итт салават кхачор ду».

 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
«АллóхIумма зиднá ва лá танкъуснá, ва акримнá ва лá тухIиннá, ва аIтIинá ва лá тахьримнá, ва áсирнá ва лá туъсир Iалайнá, ва ардинá, вардо Iаннá».

«Йа АллахI! Алсамдаккха Ахь тхуна (дика хIума), иэша ма де Ахь; (Хьайн комаьршаллийца) ла́раме де Ахь тхо, сийсаз ма де Ахь; (диканаш) луо Ахь тхуна, дехка ма дехка Ахь уьш тхуна; (Хьайн Iуналлийца) тхо харжий, хьалхада́ха Ахь тхо, (тхан мостагI) тхол хьалха ма ваккха Ахь; (Айхьа динчунна) реза де́ Ахь тхо, тхуна реза а хила Хьо».
 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
«Йа АллахI! Хьайх тешаран хазаллийца хаздехьа тхо, нийсачу некъа тIе кхойкхуш а долуш, нийсачу некъа тIехь нисделла а хилийтахьа тхо».
 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
104. Цхьана хIусаме воьссинчо дан деза доIа, ша новкъа ваьлла волуш делахь а, йа вуьшта делахь а.

"АIýзу бикалимáтиллáхIиттáммáти мин шарри мá халакъ".

«Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманан вонах».

أَعُوْذُ بِكَلِمَاتِ اللَّهِ التَّامَّاتِ مِنْ شَرِّ مَاخَلَقَ
 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
 
Вайн Пайхамара (Делера къинхетам, маршалла а хилла цунна) аьлла: «А́дам а, цул тIаьхьа берш а сан байракх кIелахь хир бу Къемат дийнахь; цхьаъа куралла а яц». [Ахьмад, Тирмизий]
 ·  Translate
1
Add a comment...

Динул-Ислам

Shared publicly  - 
Ва Iалайкум ассалам. Хьадисехь деана ма-дарра, доьзалехь барт бохор Иблисана уггар дукха дезачу хIуманех ду. Иблис бусалба нехан мостагI ду, хIора дийнахь ца...
1
Add a comment...
Динул-Ислам's Collections
Story
Tagline
Динул-Ислам - вайн маттахь Бусалба динах лаьцна.
Introduction
Бусалба динах лаьцна... Олхазаран сайт - Динул-Ислам